ЦIа хиллачохь ор ду...
Шуьйра, доккха, горга.
Атаделла кор ду
Iуьллуш дIога кIоргехь.
КорабIаьрган экъа,
Маьлхан зIаьнар йоькъуш,
Хьалаяла гIерта
Къаръеллачу керта.
Кертахь баьхна доьзал
ХIаллакьхилла доьза.
Салтичо, шерет деш,
ДIасадаьхьна цIетт а.
Кертахь йисна Iуьллу,
Керла верас хилла,
Чуо ятIийна иргIу -
Бомба хилла биргIа.
Шегахь ницкъ бу аьлла,
Майрра керта яьлла,
Байттамал а хилла,
Иза эрна Iуьллу.
Толам биъна яьлча,
Кертан верас ваьлча,
НеIалташ лахьор ду
Цо, ор санна, кIорга.
Атаделла кор а
Iилла дуьтуш кIоргехь,
ДIадукъур ду ор а,
Нехех цунна пхьор деш.
Терза хьарам оьзна,
НеIалташца доьзна
Эчиг дIалахьор ду
Цхьаммо, шена пхьор дан.
Муо ца хьовзалуш дерг
Ду-кха хIара, гуш дерг:
ЦIа хиллачохь ор ду,
Дагах дахна кIорга.
Свидетельство о публикации №109050602387