Ма чIогIа инзарвуьйлу хьо...

Ма чIогIа инзарвуьйлу хьо
Кху керта йожарх бомба:
Кху махка беъна къорза бIо
Кху махка беъна тIом бан.

Ма тамаша бац хIумма а
И кхачар хьуна, суна:
Шен кIорни хьекхош ченала,
Ча юьйцуш хезний хьуна?

“Мичахь бу кхузахь девнан дай?
ХIун бехк бу хьан а, сан а?” -
Хьан хеттарш-м беран санна дай,
Дуьне ца девзаш санна.

Хьан кхетам бацахь кхин гуьнахь,
ТВ латийчахьана:
“Россия - щедрая душа!” -
Хьо кхетор ву рекламо.


Рецензии
Девни волуш ву хьо)))

Ваха Докаев Шалавдиевич   21.03.2011 07:36     Заявить о нарушении
Дера ву со х1ара кисанахь буйнаш къуьйлу дов ду моьттуш...

Адам Ахматукаев   25.03.2011 13:28   Заявить о нарушении