Вайна тоьхна доза ду...

Вайна тоьхна доза ду
ХIоккхузахь.
ЙишмаIех а озалур
Вай кхузахь.

Цара доцчу вайн къинойн
Хадам  беш,
Буьйса хир ю вайн синойн
Ладам  беш.

Цхьа а аьхна вуьжур вац
Тховса дIа,
Герзо цхьа а вуьтур вац
Тхьовса дIа.

Некъайисттехь йогур ю
Шийла цIерш,
Кхана кхин а богIур бу
Бевдда берш.

Эладита дозалур
Вайх кхузахь,
Осала а тосалур
Вай кхузахь.

МостагIчунна хьасталуш,
Хетар ду,
Амма доза дасталуш,
Кхетар ду:

Вайна маралилхинарг -
Хийра дохк,
Вайна тIаьхьабилхинарг -
Нана-мохк.


Рецензии