Iуьйренга дехха сатуьйсуш...
Дахаран мехха
Чекхъели эххар
ХIоъ-молха дагийна буьйса.
Орца а Iуьйренца дели:
Байинчу нехан
Къобалдеш эхарт,
Iуьйре а суьйренга ели.
Юха а, каш санна, шийла
Чуяьржи буьйса -
Са лазош, дуьйш а,
Денбан кху дахаре кхийлам.
Свидетельство о публикации №109050602300