Нохчийчоь. Нохчийчоь. Хьаьрчи хьох тIом...
И баккха суй лоьхучарна
Иманах доIанаш деш варий со-м,
Шайн дуьхьа до моьттуш царна.
Нохчочо Нохчийчоь йоьхкина сом
Доькъучийн хьарамло ешна,
Боберийн когашкахь Iаш варий со-м,
Делерчу рицкъанах тешна...
“Хайраза чекхдолу хьакъ диъна сом,” -
Иштта ас дегара дешна...
Нохчийчоь, юха а дIайоьхки хьо-м,
Саьхьарчу бIаьргаша хьешна.
Юха а, Нохчийчоь, хьуна чохь - тIом.
Юха а, хьалхачул эшна,
Боберийн когашкахь Iаш ма ву со-м,
Делерчу орцанах тешна.
Свидетельство о публикации №109050602292
Ильман Юсупов 11.05.2009 01:23 Заявить о нарушении
Адам Ахматукаев 12.05.2009 01:14 Заявить о нарушении