Кхеле йилли Нохчийчоьнан оьмар...

Кхеле йилли Нохчийчоьнан оьмар:
“Дийна йита ца магийна ен!” -
Омра яздеш, ца хIоттийна цIоьмалг ,
Чалтач санна, хIоьтти цунна тIе.

Кхоэ вуьйлуш, ЧагIар-Паччахь-Лоьмо
ЮьйгIи ткъе берхIийтта Iалашо.
Царна хьежош, ягий хийла оьмар
Хийла тоьпо, хийла кемано.

“Аганарчу беро бекхам бийр бу!” -
Олуш хезна, ойла хьаьхначо,
Кеманара тоьхна, бер а дуьйр ду...
Дийна дисахь, хир ду иза бо.

Гарадуьйлуш хийла “нийса тохар”,
Ямартло а хир ю чекх са гуш.
Бехке доцчу синойн дуьне дохар
Дуьнено а ловр ду, пурба луш.

“Нохчийчоьнан стиглахь хоьхкур дац кхин
Маьрша адам дойу кеманаш!” -
“Лоьмо иза-м иштта аьлла даций,” -
Бохуш, оччабийр бу талмажаш .

Дика-вон а, цуьнан багах даьлларг,
Шайна товччу кепа тохалуш,
Уьш ма бу уьш, пайдабоцчу даьлла
КIезга дов а тIаме дерзалурш.

ХIара тIом а хилла хир бу соьман:
Цхьанна са еш, эзарнашна - зен.
Цо магийна кхел ю Нохчийчоьнан:
“Дийна йита ца магийна ен!”


Рецензии
К1орггера чулацам болуш ю Адам, хьан мелйолу байташ,Маша Аллах1.
Нохчийн маттан к1оргалла,зевнналла - массо а дашехь...

Ма дика а дина гоч "Дийна йита ца магийна ен",нохчийн мотт иштта к1орггера буйла ца хуурш мел дукха бу!Со со а 1ийна кху деношкахь и "Казнить нельзя помиловать " муха хир дара те нохчийн маттахь ,ойлаеш....Хьан байташкахь карий суна жоп.
Дика хета кху чохь хьан кхолларалла еша аьтто болуш...
Лерамца

Петимат Абубакарова   04.11.2011 22:09     Заявить о нарушении
Дела реза хуьлда, Пет1мат! Сайн ма-хуьллу, иза "нийса" гочъян а г1иртина со. Оцу 38 бохучу терахьах лаьцна кхетам бала безаш-м хиллера... Т1ахьа цхьаъ дийр ду-кха. Гочдар ахь дешна моьтту суна:

Чечня живет под приговором:
«Помиловать нельзя казнить!»
И запятая, с жаждой крови
Нависнув, как палач, стоит.

В азарте пьяном Лев-Правитель
Мишени в тридцать восемь душ
Определит и мирных жизней
Огнем уложит не одну.

«И от младенца жди возмездья!» –
Наслышанный немало раз
Он ястребом из неба бездны
В прицел прищурит алчный глаз.

Убьет дитя, иль покалечит
На всю оставшуюся жизнь,
И в мирных будет точно метить,
И миру будет не до них.

Потом прикажет: «С самолетов
Огнем отныне не палить!»
«Дак, Лев имел в виду не это!» –
Сказать и свита поспешит.

Для свиты это много значит –
На свой и лад и аппетит
Его слова переиначить
И спор в войну перевести.

И потому для тысяч – горем,
Доходами – для единиц,
Чечня живет под приговором:
«Помиловать нельзя казнить!»

(Перевел с чеченского автор)

Адам Ахматукаев   05.11.2011 10:01   Заявить о нарушении
Перевод ничуть не уступает оригиналу!Мастер перевода, у тебя можно поучиться ...


Петимат Абубакарова   05.11.2011 22:00   Заявить о нарушении