УьйтIа еъна гериг...

УьйтIа еъна гериг
Кхетта, цициг дийча,
И халонга дериг
Хилла, герзаш тийча.

Шийла шакарш етташ,
Герзаш кхисса даьхча,
Нанас, кхерам хетта,
Бераш чоьхьа даьхна.

Ша дицделлачарна
Корах тийсаделла,
Цициг, оцу арахь
Гериг кхетта, делла.


Рецензии