Кху сан юьрта регIара...

Кху сан юьрта регIара
Герзийн къора етта.
Нохчийчоьнан дегIана
ТIеман лазар кхетта.

Дарба лоьхуш лор а вац,
Яц я лазархо а,
Амма чевнаш йоьрзуш яц -
КIарглуш ю мелхо а.

Верасаллах воьттина,
Цхьа дарбанча ваьлла.
Лазар лоьхуш, хIоьттина,
И а юьстахваьлла.

Цо и нийса лоьхий те? -
Сох а шеко кхетта.
Нохчийчоьнан дегIа тIе-м
Герзийн къора етта.


Рецензии