Йоккхатоьпан кхаба...

Йоккхатоьпан кхаба
Юьртайистте Iенаш,
Стешха дуьйлу набарх
Берийн мерза гIенаш.

Церан къинойх вогуш,
Со кху юьртах ваьлча,
Суна “орцах” вогIург,
Хьан хIуттур бу аьлча .

Хьайна хIуьттаренна
Со кху бухахь висча,
Аьшпаш харц дуьненна
Буьттур бу ахь биссалц.

Хьуна гергахь, тIаккха
Хир со цIармат экха,
Дийнна дуьне даккха
Арадаьлла, текхаш.

Сан бехказло ерг а -
Дерриг дуьсур соьца.
Ур-атталла лерг а
Ухьур дац ахь соьга.

Суна сайнна бала
Хир бу цунах тIаккха:
Орца доцуш - дала,
Орца доцуш - даккха.

ХIара-м ас цкъа лайна
Къемат ма дарий-ца,
Цундела ца тайна,
Юха долош дийца...

Йоккхатоьпан кхаба
Юьртайистте Iенаш,
Стешха буьйса набарх
Юьйлу, тIамна Iемаш.


Рецензии