Кхехкаяьлла аьхке...

Кхехкаяьлла аьхке.
Берахьлера сурт.
Зудабераш даьхки
Лийча Мартанчу.

Ца хьежийта цаьрга,
Луьста яьлла хьун.
Амма берийн бIаьргех
Лачкъалур ду хIун?!.

Йоккхо цхьаъ ю цаьрца,
Лечкъаш дитта кIел:
Некхе цхьа куьг лаьцна,
Важа - цIонги кIел.

ДIасахьожий, гергахь
Тебаш цхьа а вуй,
Йодий-йодий, бердах
Кхоссало и чу.

Къайлайолий логгец,
Хьалакхоссалой, -
Генайолий гIоддец,
Марта делхадо.

Хих ца Iеба жовхарш
Ловзу цунна тIехь -
Кху дуьненан ховха
Экама ши ах.

...Марта охьадахна,
Тхан шераш а хьош.
Иза маре яхна, -
Деша вахна со.

Берахьлера аьхке
Дагалецамехь
ТIаьхьалела, бехках
Даккха, бохуш, эхь.

Амма иза яйча,
Самадолу сан
Дуьххьарлера айса
Лайна божа гIан.


Рецензии