ЧагIар-кемсийн аре...

ЧагIар-кемсийн аре.
Балдаш тIера даI.
ЙоI дуьхьала яре
Хьежна зама-яI!

Мерзачу къиношлахь
Ас а лехна ирс.
Дахарехь киношлахь
Санна дац-кха и...

ЙоI шен хене яре
Хьежна кIентан нах.
Нанас лехна маре
Цунна тайна бах.

Кемсийн арахь кхечо
Шовда доккхур дац.
Терках вала гечо
Ас а лоьхур дац.


Рецензии