Цхьанааьрдан рагIу...

Цхьанааьрдан рагIу,
Юккъехь - горга гIант.
Хьуна аьтту агIор
Хиъна Iаш ву кIант.

КIорда ца деш дийца,
Хьо ма дукха лоь.
Хьан къамелан хийцам
Боцуш, чIоб а тоь.

Сан а дара дийца
Хьоьгахьчул а сов,
Уггар деха дийцар
Кхаа дашо ловш.

Амма и дIадийца
Жимчу хьох ца товш,
Дагар лелла цIийца,
Хьаладолуш, довш.

Сан маттана гечо
Лоьхуш хилла хьо...
Амма аьлла кхечо:
“Суна еза хьо.”


Рецензии