Тосабелча шена...

Тосабелча шена
КIентан къийламаш,
Кхоэ буьйлу ненан
ГIийла кхийламаш.

ГIенах кIентан бераш
Хьоьсту нана-яI! -
Маттана ю-кх шера
КIанта лехна йоI.

Цуьнца керта дуссур,
Холмач санна, дов...
Къар ца елла нус я
Нана ер ю сов.


Рецензии