Везахь а, хьегор ву...

Везахь а, хьегор ву,
йилбазех лар ца веш,
Таьжгенаш  лелор ю,
цIархазман  ларча  еш.
Некъаш а кегор ду,
Iадато хьехна дерш,
Кепаш а хIиттор ю,
хинкоьртехь лехна ерш.

Эххар, шун кетIара
замой  дIахьаьлхича,
Тоьпийн къамкъаргашка
чаьччамаш хьаьлхича,
Нанас хьан захало
доккхур ду нахала -
Бертаза юьгуш ю,
моьттур ду нахана.


Рецензии