Харжамаш
Пхьоьха дIакхойкхуш ю майда.
Майрра хьайн кандидатура
Эвххьаза байракхах айба.
Ураме гIой Революцин,
Схьабаккха Толаман урам.
Кхайкхамех легенда юций,
ТIегулъе хьайн агентура.
Ленинан майдана валий,
Ластавай, вожавай Ленин,
Хьуо цуьнан васхала валий,
БIаьрг маббу дIахьежа гена.
ЧIагI а лой, иштта хьо латта,
Важадерг дIагIур ду шашах,
Бакъду, цкъа моллига хатта,
Къар а дай цунах цавашар.
Цо а хьан кандидатурах
Жайни тIехь шена мел дайнарг
ТВ чохь сарахь я Iура
Дуьйцур ду, шена беш пайда.
Делах хьо вазвинчу наха
Дийнахь а дуьйцур ду изза.
Вукхара хIуъа а бахарх,
БIогIамах латталахь нисса.
Важадерг дIагIур ду шашах,
Кхобуш вай вовшех цадашар…
Маьршачу дуьненна баккха
Бехк буьтуш, летар вай тIаккха.
Свидетельство о публикации №109042402910