Еарин буьйса
Массо а йоІ-йишин къа летта гІайгІа.
И гІайгІа къехкаеш, йоІа ког шершабо,
Хелхарна гатъелла ловзаран майда.
Цо хІокху буьйсанийн когашка кхуьйлур ю
Ойланаш йиъначу гІайгІанийн хебарш.
Мел хьулъян гІертарх а, эвхье айкхъюьйлур ю
Куьзганна хІиттийна нускалан кепаш.
Цу кепийн амало еарин буьйсанна
Къинойх дІацІанйийр ю ловзаран ало.
Шен дине кхаъ хилла дагара дийцина,
Цхьа бере аравер ву нускал дало.
Свидетельство о публикации №109042402866