Аганан мукъамийн эшарехь...
Дахарна лийсина амал
Ас хуьйцур яц-кха хьан эшарех,
МоттаргІа толийна зама.
Рузманан кхелашка даьккхича,
Орам хьан бехке хиллера.
Зурмано къамкъаргаш якхйича,
Амалш а хьан цхьалхаевр ю.
Хьаналчу тойнашкахь тоба деш,
Ангали санна, уьш зуьйр ю.
Верасах тІаьхьенан доладеш,
Ас лайна оьмарийн уьйр ю.
БІешерийн ткъолгІачу эшарехь
Евзар ю цу уьйран амал.
Ринжанехь йолийнчу эшарехь
Сох дагаюьйлу кхин зама.
Свидетельство о публикации №109042402861