Хаац, хIун ду, меллац хир ду иштта...
Кхеташ вац со хІокху жинийн полах:
Вайна юккъе хьарам некъаш хІиттарх,
Сан гІенаша йоху хьо сан дола.
Амма самах даг чу гІерта гІура,
Десте санна, ойланашца хьуллой.
Хорам самабуьйлу пІелгийн гурахь,
Хьан аматахь суна гонах гуллой.
Кхел кхайкхаеш, вайна юккъе зил бан
Цо со хийла векалвеш лаамза,
Некъах дуьйхи сан ойланийн къилба,
Хенах тилла, сеци сохьтан цхьамза.
Кхера санна, даг тІе буьйжи седа –
Орца эшна, хьан даг тІера беддарг.
Цунна лии хьан, сан бехкаш эдан,
Мел летийнчу вайн къиношна тебна.
Суна тоьъна айса дІа мел аьлларг,
Ца тоьъна-кх ахь схьа мел ца хазийнарг.
Иза хир ду-кх вайна дуьхьалдаьлларг,
Вайн бехкаша вай вовшех тилийча.
Амма хаац меллац хир ду иштта,
Кхеташ вац со хІокху жинийн полах:
Вайна юккъе хьарам некъаш хІиттарх,
Сан гІенаша йоху хьо сан дола.
Свидетельство о публикации №109042402852