Вай хIунда къаьстина, хIунда?

Вай хІунда къаьстина, хІунда?
Дарбане доцу и хаттар
Нахала даьллехь а атта,
Жоп а ца карий кхин суна-м.

Леха а дера ма лийхи,
Чехийна шеконаш луьттуш.
Аьхна сан гІевланга хІуьттуш,
Хьох йисна марзо а лийли.

И дегІах хьаьрчинчу хенахь,
Мерзачу къиноша гІиттош,
Къехкий ас, юьхьІаьржа хІиттош,
Хьо хьарамъяьккхина гІенаш.

Иштта ма варий со, иштта,
Со-сайна вевзина ваьлла,
Мехкарийн пхьоьхана ваьлла,
Хьан сица са ийна висча.

Иштта ма висна со, иштта
Сайн дагалецамийн хьехахь.
Хьоьгий бен, цхьаьнгга а деха
Жоп доцуш, хаттар а дисна.


Рецензии