Суна хьо евзина зама...
Суьйренан ягарехь яйна.
Ца евзаш хьан аьрха амал,
Хийла ас хаттар дин сайга.
Хийла ас хаттар дин сайга,
Ца евзаш хьан аьрха амал.
Шераша хийци хьан амат,
Безамо ойла ца хьегий,
Кхин хир ю бохуш хьуо кхана,
Тахна хьо кхоамза еги.
Тахна хьо кхоамза еги.
Кхин хир ю бохуш хьуо кхана.
Безам хьайн совгІатна Іенош,
Хьо ирсан орамех къеста.
Кхолламах дисина денош
Къоьжачу къаналле леста.
Къоьжачу къаналле леста
Кхолламах дисина денош.
Лар йоцуш довш ду хьан дахар,
Шеллуш бу хьан деган кхерч а.
Эвхьаза юьйцуш хьо наха,
Шийла мох сан мара хьерча.
Шийла мох сан мара хьерча,
Эвхьаза юьйцуш хьо наха.
Свидетельство о публикации №109041802219