Йилбазалла-м сан хьомара дацарий...
Дог ца диллар-м хьан ондара** дацарий.
Питанечу нехан боху-бахарийн
Эладита ахь дузо-м ца дагІарий.
ГІенах санна, кІайн духар а дуьйхина,
Сан некъ лоьцуш, суна дуьхьал йийлинарг,
Беттан бІаьра хьоьжуш, дог ца къийлинарг,
Декхадели сан эхь-бехк хьох кхийринарг.
_______
* Дуьхьа (диал.)
** Ницкъ болуш (диал.)
Свидетельство о публикации №109041802170