Хьо яцара, хьан кехаташ дара...
Сан са ойбуш, суна тешам белларш.
Уьш а деги шаьш хьегначу цІарах,
Шайна тІера харцо ла ца елла.
Даьгна дели, дагах мехий дохуш,
Сан син кхача хилла мерза туьйра,
ГІенах хилча санна, карлайохуш
Ахь сан даг чу суй биллина суьйре.
Иза-м яра тамашийна-тийна,
Хьо а яра тамашийна-бІаьрла.
Ас лазамца хьуна тІехь сацийра
Хьоьца валлал ирсах хьаьгна бІаьргаш...
Ткъа цул тІаьхьа хийла суьйре яьгна,
Вайца дузуш эладита хийла,
Шеконаша сатийсамаш аьгна,
Ткъа цул тІаьхьа – суьйре еъна шийла.
ХІетте а хьан кехаташа хийла,
Сан са тедеш, суна тешам лора.
Тховса-м цаьрца ас сайн пеш латийна,
Царна тІера туьйра хетта дорах.
Свидетельство о публикации №109041802158