Хьан лорах ас хьешна гIайгIа...
Сан лорах тебачо зийна.
Жоп доцуш бисча сан кхайкхам,
Сан лазам халла дІатийна.
Ас балех дуьйцина некъаш
ХІинца ахь кхечуьнца хьоьшу,
Галморзахаллашна текъаш,
Ца хууш, хьайна хІун оьшу.
Бекхамна леринчу чевнех
Лазамаш лелха хьан даг чу.
Орцанна къевлинчу кевнех
Бетталой, уьш буьсу даг чохь.
Свидетельство о публикации №109041802151