ТIаьхьависи, тIаьхьависи со...

ТІаьхьависи, тІаьхьависи со,
Хьуна лехнарг сол а сихвели.
Къора хили, къера хили хьо,
КІайн дин гІенах суна кхин ца ги.

Лазам биси, кхардам биси хьох,
Вон меттанаш лен ца гІелдели,
Лазам биси, кхардам биси сох,
Дашо гуьйре сиха къежъели.

...Шовда-м хьоьжу ахь йиллинчу хене –
Декхадан ша теш хІиттийна гІенаш.


Рецензии