Хьо езарал хала ду хьо йовза...

Хьо езарал хала ду хьо йовза,
Хьоьца къийса хьан дог хьаьшна амал,
Хьан шалхачу синхаамийн доза,
Хьан куралла санна, довза Іама.

Ас мел динчу некъийн дегайовхо
Хьан чаьмзачу догазаллех кхетта,
Со ца ваьхьаш хьан синпхенаш човхо,
Хьо сахуьлу седа санна хетта.

Хьан куралла яра-кх соьца къуьйсуш,
Хьан хазалло денна сонтайохуш.
Ас и хІинца, цецах санна, луьйсу,
Хьан дуьне а сан бІаьргаш чохь догу.

Амма хаьа: хала ду хьо йовза,
Хьоьца къийса хьан дог хьаьшна амал,
Хьан шалхачу синхаамийн доза,
Хьан куралла санна, довза Іама...


Рецензии