ТIаьхьахьоьжу суна...
Сан бІаьргашца тоба дина бІаьргаш.
Кхин хІун оьшу суна, кхин хІун оьшу?
Царех леша хьан доІанаш доьшуш,
Дохкояьлла къайле ю сох кхаьрдаш.
Къора еъна хІара буьйса мерза
Шина декъе екъалур ю тховса.
ТІаьххьара дІадоьрзуш къинойн ловзар,
Хьоьгахьа цо уьйзур ду шен терза,
Дайдан гІерташ хьуна къайле йовзар.
ТІаьххьара и декхар суна тІехь ду,
Хьарам ду и хьанал текхна валар.
Мел даггара хьо къинтІера яларх,
Хьан къа ду и, амма и сан эхь ду–
Мел даггара со а дохковаларх.
Свидетельство о публикации №109041802123