Iусин Iумарна
ялахьа схьа чоьхьаялий,
Корера кирхьанаш-м
хьо сецо оьхкина даций,
КІежтийса доьллачу
ловзарх цкъа дага а ялий,
Дийцахьа тховса со
къехкачу эхь-бехках лаций.
Лерг-сема хьоьга ладегІначу
суна кхаъ хилла,
Ловзарна айкхдовла
дуьйлалуш топ, вотий, пондар.
Болош а, бохош а
синкъерам соьга хьежийна.
Эххар а "дадин маж
леци" ас, хетарехь, ондда.
Мехкарийн бІаьргаша
сайна мел хьежийна хаьштиг
Дохди ас, сайн шерийн
овкъарлахь лехьадеш кІегий.
Безаман бІарлагІех
етталуш сайн буьйда бІаьштиг,
БІаьргийн нур дІаоьцуш,
тоьхначу ткъесах со веги.
Хийла йоІ, хийла кІант
вовшашна карийна хир ду,
Аьхначу забарца
вовшашна хьакъдича шаьш ас.
ХІинца цу забарийн
марзо ас-айса а мийр ю,
Ловзаршка кхерстар ву
бохучух-м хирий-те аьшпаш...
Ялахьа, маьркІаже,
ялахьа схьа чоьхьаялий,
Корера кирхьанаш-м
хьо сецо оьхкина даций.
Эвхьаза буьйса вайх
кхоъмаза хьукма дан яле,
Цхьа туьйра дийцахьа
суна кху дуьненах лаций.
Свидетельство о публикации №109041802112