Беран бIаьра хьоьжу къона нана...
Цхьаъ бен доцчу цуьнгахь ирс карийна.
Къона да ву тІе ца тоьург царна,
Иза вайна, тІеман арахь вийна.
Амма цунах теша ца лиънера
Цу хаамо дог лазийнчу нанна.
ХІинца хьоьжу иза жимчу бере,
Цуьнгахь карладуьйлуш хьоме амат.
Беран бІаьргех-м ирсан суйнаш лелха,
Малхе кхийдаш, лестайо цо тІамарш...
Хаадели-кх ненан къайлах елхар –
Хийла цунах кІанта бина тамаш.
Тахана а, ненан бІаьрхиш дайна,
Дог лазийна, хьоьжу иза гонах,
Хоьттуш санна: "ХІун цатам ахь лайна?
Ца ели-кх хьо бІаьрг белхочу вонах..."
И ду цунна кхета хала хаттар,
Амма цкъа а жоп ца доьхуш нене,
Ненан бІаьрхиш юьхь-дуьхьала лаьтташ,
Цу кІантана жоп карор ду шена.
Свидетельство о публикации №109041802073