Экрана тIе тIеман гIовгIа йогIу...

Экрана тІе тІеман гІовгІа йогІу,
Садукъдечу тийналлех чекхъюьйлуш...
"Кхин а жимма собардехьа!"–бохуш,
ЙоьІан дехар хорамашка дуьйлу.

Собардехьа, лента! Собардехьа!
Сих ма дехьа церан дІасакъастар,
Оцу берийн шераш дагардехьа –
Сих ма дехьа церан вовшех къастар.


Рецензии