ДАКХ
ХІетте а къийсамна гІора ца эшна.
Лаамаш хьегочу ойлано Іехош,
Хийла сатийсинчу бІаьстенах тешна.
Цкъа хьаьрса хилла и, хІинца ду къоьжа,
Ойлане вуьгуш ду охкийна генаш...
Ма тера хета и, кІант варе хьоьжуш,
Хеназа къежъелла йисинчу ненах.
Свидетельство о публикации №109041601617