Буьйса беттасих...

Буьйса беттасих
Дагаюьйлучохь
Сайн сингаттамийн
Лазар дулу сох.

Корехь Іуьйре ю,
Іуьйре шийла ю,
КоьртаІуьйра сан
Ойла гІийла ю.

Со ца кхийрина
Іуьйре яций и-м,
Ас ца лийрина
Ойла яций и-м.

Дуьне духур ду
Бохург муха ду,
Аьлла, нене ас
Хаьттинера-кха.

Мерза гІенаш сан
Суна къахь ца дан,
Туьйра диллира
Цо сан гІевланга...

Жимчохь хаьттинарг
Карладаьккхича,
Нанас делла жоп
Къехкош лелла со:

"Хьалхавала да
Воцуш, висча хьо,
ТІаьхьаелха со
Йоцуш, висча хьо,

Іуьйре шеллур ю,
Ойла гІеллур ю,
Дуьне доьлхур ду,
Дуьне духур ду."

Нана йилхинарг
Герга кирчича,
Некъийн чилланах
ГІайгІа хьирчи сан.

Буьйса беттасих
Дагаюьйлучохь
Сайн сингаттамийн
Лазар дуьйли сох.

ХІинца корехь сан
Іуьйре шийла ю,
КоьртаІуьйра сан
Ойла гІийла ю.


Рецензии
Адам,мел хазачу мукъаме ерзалур яра х1ара байташ,ч1ог1а дагах кхеташ ю,баркалла,хазахийти,
Лерамца,

Петимат Абубакарова   04.06.2012 23:12     Заявить о нарушении
Сайн дагахь, мукъам боккхучара а церан тидам бийр бу моьттуш вара со, уьш язъечу хенахь дуьйна. Кехат пондар я гитара бара суна дагахь. Дечиг пондарца-м хало хила там бара.

Адам Ахматукаев   07.06.2012 16:11   Заявить о нарушении