Хьан лорах хьаьжча...
БІаьрса а дукълой,
Хьан амат баьржа
Некъашна юккъехь,
Хьо-хьуо сан да лаха йоьдуш.
Сан лорах хьаьжча,
Лазамаш букълой,
Хьан бІаьрхиш даьржа
Хебаршна юккъехь,
Со-суо сайн да лаха воьдуш.
Вайн лорах хьаьжча,
Шена чувукълой,
ХІутту юьхьІаьржа
Кешнашна юххехь –
Да-нана дицдина воьдург.
Свидетельство о публикации №109041601541