Къонаха къонахийн некъашца галморзахвалахь...

Къонаха къонахийн
некъашца галморзахвалахь,
Нанна, шех чекх са гуш,
дуьненнал базло и бала.
Амма мел неІалташ
кхайкхорах кІантана наха,
Ма хала хьарам бо-кх
нанас ша баийна накха.


Рецензии