Ирхенаш
ХІоьттина ламанийн мур,
БІешерийн собаро йийсарехь сецош,
Къежбелла бисина бу.
Къонахех къонаха къасто
Лакхешка дІабоьхий уьш,
Шайн къена къайленаш лаьмнаша йосту,
Къонахийн амалаш зуьйш.
Генахь ду ламанийн баххьаш,
Царна тІе чІугъетта некъ,
И-м хьийза, цхьаццаверг ирхешца къарвеш,
Я хеда, цхьаъ хьегавеш.
Сан ойла цу новкъа яьлла,
ГІерта и деган ницкъ зен.
Со тахна сайн рогІехь ладегІа ваьлла
Даймехкан садеІаре.
Свидетельство о публикации №109041601505