Вижо догIу илли...
Вижо догІу илли
Ненан цІарахлера,
ГІатто догІу илли
Маьлхан цІарахлера.
Веха догІу илли
Некъийн цІарахлера,
ТІаьхьа доьлху илли –
Илли берахьлера...
2.
Тховса-м дека иллеш
ХІокху хІусамера –
Малхбузера иллеш,
Со тилорна тІера.
Даг чу хорам буьллий,
Беркъачу боберах
НеІарх лета илли
Ненан маттахьлера.
Свидетельство о публикации №109041601483