Да ган лууш, дIавуьжу-кха со а...

Я.З.

Да ган лууш, дІавуьжу-кха со а.
Самах санна, гича иза гІенах,
Хазахетар тигац даг чу хоа,
ХІетте а со воьлху оцу хенахь,
Денвелла сайн да валарна кхоьруш...

Нанас-м боху, набарха со воьлу.


Рецензии