Кешнийн кертахь да висинчу дийнахь...
Кешнийн кертахь да висинчу дийнахь
Сан жималла байлахь йисина.
Сан шераш а лазамаша хьийна,
БІаьрхих доккхуш, бІаьрса ирдина.
ХІетахь дуьйна некъийн синйозалла,
ГІиргІа санна, хуьйшу яьІни тІе.
Иза къаръян гІора тоьуш халла,
Го-кха наггахь сайна тухуш пе.
Го-кха суна хьалхачул а бІаьрла
Сайна гонах хьийза дика-во.
Дохийний бен вочу нехан аьллар,
Хьаьвзар бац сан некъийн шога мо.
Некъаш-м хир ду гора-бертал ветташ,
Царна юккъехь башха хир бу цхьаъ –
Некъахочун болар кура сеттош,
Амма даг тІе дуьллуш дера даІ.
Оцу некъо го туьйсур бу хийла,
Сан дагара хьуна ца хууш.
Оцу некъо хьоьга бийр бу кхийлам,
Эрна дуйла суна ца хууш.
2.
Ирсах хьаьгна сан жималла Іехо,
ГІенаш санна, ницкъе яр-кха хьо.
Атта хили синхьегамаш чехо,
Хиъча, цаьрга кхийдий кІентан дог.
Дог ца лезнарг кхето атта дац-кха
Некъийн дагар дагна хьашт хиларх.
Кху дахарна муха хир ву нацкъар,
ГІиргІа санна, иза даздаларх.
ХІара дахар-м сан сайн дакъа даций,
Лазам бай и-м дегнаш догучийн.
Ненан санна, цуьнан куьг а лаций,
Некъех ботта хьайн эгІаза ги.
ТІаккха йола, цаяшарех цІанлой,
Соьца бекъа хьайн лазамийн мохь,
Хьарамъе хьо сан декъазчу цІарна
Леткъамашца сан са текъачохь.
Амма некъийн шийла синйозалла
Сан са шелдан йожахь яьІни тІе,
Орцахъяккха суна хьайн дикалла,
Марсайоккхуш дог дагийна цІе.
Ойла йича, и-м хала а даций,
Вай ца кхеташ даций иза-м, хІай,
Ирсе кхийдар-м бегашийна даций,
Ирсе кхачар-м тамашийна дай!
Свидетельство о публикации №109041601368