Кисанахь ловзучу шайнаша...

Кисанахь ловзучу шайнаша
Кхетамна ваьккхича гена хьуо,
Iехалуш самахчу гIенашна,
Хьовзор бу ахь керла хенагуо.

Хьайн берийн хенара нускалан
Цхьа тайпа цIартIе а даьккхина,
«Нийсачу» нахе дIанисвала
Мекх а дIадоккхур ду хьаьккхина.

Кхаъ белла балха дIахIоьттина,
Болар а, къамел а тодина,
Лелар ву, кепа чу воьттина,
Хьаналчу дегнашна муо бина.

Дозанал ара а баьккхина,
ЦIеношна пеннал бух буттур бу,
Хьийзош хьайн куьйга кIел баьхкинарш,
Хьаькамна муьтIахь чухIуттур ву.

Цунна тIе ламазаш дерзадеш, –
Цул деза ца гойтуш хIумма а, –
Цу Iамалх дахаран терза деш,
Дуьтур ду дуьненан суннаташ.

Цу декъалхиларо хьаьсттинчохь
Дахаро хьо юьстахкхоьссича,
Юха а денлур ву хIумма а
Йоцучу хIуманийн умматехь.


Рецензии