Дуьне-м ца дуура, я Везан Дела...

Дуьне-м ца дуура, я Везан Дела,
Харцонах ун даьлла Латта а дитна,
ГIайгIанаш йоцучу бераллехь лела
Стигала вала йиш йолуш ца хилча.

ТIаккха ма хин дарий, суьйренга воьдуш,
Батта тIе веъна со, гIелбелла когаш
Тхов тIера санна, дIаохьачухоьцуш,
Кегабан хIоьттича бухлара бодаш.

Гича а хIун дара суна цу юккъехь
Сан лорах угIучу берзалойн бIаьргаш.
Нана хир ма яра со ларвеш юххехь,
Дас а бIаьргъэшара вийр вара тергал.

ТIаккха ма хин дарий, уьш гаро Iехош,
Ас лайна гIенаш а, кхин гIенаш кхаббал…
Амма ца тарло-кха дуьненца эгIа,
Хьоьца и харц хиларх, хьох и ца Iабарх.


Рецензии