Берийн доIа хаззал...

Берийн доIа хаззал
ГIиллакх доцчу тIамца
Беъна бала базло
Хаттарийн мукъамца.

Мацца а цхьа зама
СхьахIуттур ю кетIа,
Вайн тIаьхьенехчара
Вайга боьхуш кхетам.

Вайн хIун хир ду ала,
Вайн хIун хир ду дийца,
ТIом дIагенабаларх,
Вай и бицбеш хилча?

Цо хьарчийнчу декхарх
Хьанал хьалхаваллалц,
Ниййат ду сан декъал –
Нохчийн илли ала.


Рецензии