Хьастаелла, туьйра...

Хьастаелла, туьйра
Лоькхуш, хьуна юххе
ДIатаръелла уьйраш
Йилбаз нехан хIух ю.

Хьуна «хIаъ» я «хIан-хIа»
Хьоьхуш а и нах бу.
Варий, оццу наха
Оьцур бу хьох мах а.

Кхечу лерехь туьйра
Долош, уьш а тIаккха
Ховшур кхана Iуьйрре
Керла тевна даккха


Рецензии