Кхузахь-м, хьаха, ненан мотт а буьйцу...
Буьйцу, хьаха, дуй къера ца хиллал-м.
Сийлахьниг а маьттаздоккхуш дуьйцуш,
Вайна ган а, лан а доьгIна хилла.
Кхузахь леларг кхин гIиллакх ма деца,
Аьрха долуш хьан хотIана Iама:
Дастамйоккхуш йоккху ворхIе ден цIе,
Хьарам юьйцу ворхIе а хьан нана.
Цу гIиллакхна къен ма буй хьан мотт а,
Оцу меттан охIла хьо велахь а.
Амма сих ма ло юьхьIаьржа хIотта,
Эхь-бехкана цо мел Iаткъам бахь а.
Цул а, церан цIокала а валий, –
Хиларх и хьайн бехкамашна хьарам, –
Хьайн са дассош юьхьIаьржонан балех,
ОьгIазалла яккхахьа цкъа ара.
Нагахь хьайна реза воцург валахь,
Бага юззий дов дIахьеде цуьнга.
Хьан маттера даьлла цхьа а гIалат
Туьдур долуш яц-кха цуьнан «туьнталг».
Амма хIума дац ахь цуьнан къахьдан,
Ахь а цIанде са юьхьIаьржа хIоттарх.
Вайна цунах Iаткъамаш хилахь а,
И доцург а лаза ду вайн шортта.
Къоман дуьхьа и лазамийн шорто
Декъалъян вай дина сийлахь ниййат
Къобалдина, вайна юххе хIотта
ВогIучуьнца лелор ду вай гIиллакх.
Свидетельство о публикации №109040205161