Са цIанделла, со къинтIера валар-м...

Са цIанделла, со къинтIера валар-м
Дацарий-ца ас хьо юхаехар.
Хьуна бекхам бина шерийн бала
Сан гIенаш чу боьссинера дехарх.

Цо сан цIий а хIинца чехка лелларх,
Суна йилла ма хазъелахь буьйса –
Тешнабехкан къаьхьа къурд а мелла,
Хьан марзонах дIацIанвелла вуй со-м.

Хьан къа хьуна юха дIа а делла,
Хьо сайн эсан кхеле дIа а елла,
Хьан диканах цIенна дIахервелла,
Са цIанделла, юха денлуш вуй со-м.


Рецензии
маршалла ду хьоьга! со а ю нохчи. будем знакомы. чеченцев здесь мало,если есть работы на русском языке-многим будет интересно почитать. удачи тебе

Инга Хаяури   31.03.2009 00:31     Заявить о нарушении