Буьрса нохчо Терках...

Буьрса нохчо Терках
Вуьйлу баьхна мур,
Хьан аганчохь техкош,
Карлабаьхна бу.

Изза бен, кхин Iаьмма
ХIума доцуш сох,
БIоца схьатIеIаьнна,
ХьалахIоьтти хьо.

Тергал а ца еш сан
ГIийла инкарло.
Сан маршо а хьаьшна,
Би ахь суна го.

Тешамза йи кетIе,
Шелби ахь сан кхерч,
ЖIар латий сан хье тIе,
Юха ери керт.

Коша вахна гоьллец,
Доцуш орца-гIо,
Харц дуьненах воьлла
Волуш воллу со.

КIайчу гIенийн кхелах
Синойн ловзар гуш,
Тешадо ас Делах
Самаваьлча гург:

Яьсса ю сан пхьоьха,
Яьсса ю сан керт,
Къуьйсуш дIасакхоьхьуш – 
ЦIий хуьйдина цIет.


Рецензии