Сох хIокху йоккхачу шахьаро...

Сох хIокху йоккхачу шахьаро
Кхайкхаза веана хьаша во,
Аз хезаш вистхила вахьаро
Сан дешан бакъо а кхачайо.

Когашка дегI охьасеттадеш,
Ов уьдуш букъсуьртан бохалла,
Харц дуьне кIари чохь гат а деш,
Хьийзаварх, соьга сатохало.

Нохчо со хилар ду бахьана,
Чалтачийн кхелана хIоьттинарг.
Бехкаш ас тIелецар яхьана
Царна-м шайн чIагIо ю моьттина.


Рецензии