Куьг лаьцна вуьгучу къорачу бIаьрзечух терра...
Базаран могIаршна юккъешха, гIаларт а техкош,
Алапа доцучу балха тIе оьхуш, со кхерра
Сайн лорах, сагIийна ка туьйсуш, белхочу бехкех.
Ас хIетахь дуьненан диканах догдилла гергга
Писъюьйлу ойланаш екхачу къурдашца ловра…
Цул тIаьхьа саьхьара тIемаш а хьийзи вайн керта.
Делера дика ду эххар а вай царех довлар.
Эххар а, чу са а, тIе бос а беанчул тIаьхьа,
Базарахь юха а басаршка дирзи-кха дахар,
Базарахь сагIа а доьхуш ду хьалхачул къаьхьа
И дехарх болх бина шерех чекхбуьйлучу наха.
Свидетельство о публикации №109032906639