Сайн дагалецамо суо...
Iехийча байбан хьан бала,
Моьттура, кхел йина цуо
Вовшашна вай герга дало…
Моьттура, юхур ю хьо.
Моьттура, бехкала гIур ю.
Моьттура, са-цIена хьо
Сан къина суждане гIур ю…
БIаьргаш чохь – тийналла бен –
Хьуна айкх хIума ца дели.
Хаац, сел къора дIатен
ХIун дехна хилла ахь Деле…
Чекхбели кхин а цхьа гуо,
Вовшашна вай гена дохуш.
Хьалхачул кIорга бу муо,
Дахар а – хьалхачул доца.
Свидетельство о публикации №109032906633