Сан корехь лайн чимаш ловзу...

Сан корехь лайн чимаш ловзу,
Хьан цIарах кIайн туьйра дуьйцуш.
Хьох тIаьхьабисина хьовзам
Ас оцу туьйранах луьйсу.

Сайн дагалецамийн цIера
Тахкадой вайн къинойн терза,
Туьйра ас човхадо дера,
Са цуьнга кхийддашехь мерза.

Юха а лайн чимийн ловзар
КIеда хьан амате доьрзу,
Суо оцу амато хьовзор
Доьхкуш, ас са цIехьа дерзор.

Хьо дуьхьал хIоттаран бала
Бийлахь а хаттаран хьаьрке,
Вониг а дац хьуна ала,
Меттиг а бац деган баьрчехь.


Рецензии