Еллаяла, дукхаяхарг, хьо...

Еллаяла, дукхаяхарг, хьо…
ХIинца хьуна далатохар хетарг
Экама ас лардинера хьох,
Амал сецош хьуна товччу кепахь.

Хьо Iехийна сайн собар а сайх
Кхаьрдаш санна хеташ ву со хIинца.
Хьуна-м иза хета там бу дай,
Суна-м чов ю иза атта дийцар.

Хьо йоцург а, барий мехкарий-м,
Со воцург а, кIентий бара кхин а.
Уьш а хьегош, ас хьан дина сий
Эрна дисна, хIума доцуш кхиа.

Со-м хIинца а лайна ваьлла вац
Цунах сайна хилла далатохар.
Амма ас и хьуна далхор дац,
Ахь а, къорра къурд а бай, сатоха.


Рецензии