БIешеран доьалгIа дакъа...

БIешеран доьалгIа дакъа –
Херо ю вайшинна юккъехь.
Малхах чудузуш ду дахар,
Лайнарг а дац, цуьнан дукъ бен…

Лийринарг мел дукха дара,
Ойланаш – ерриш а –  мерза.
Барт а ма барий цу шарахь
Вай бина – цхьаьна чудерза.

Нийсаршка дехира кхаьънаш:
Ахь – цигахь, сайнчаьрга – ас а…
Лайра ас харцонан маьIна,
Нахе хьо дIаелча дас хьан.

Хьо а ца елира дуьхьал
(Iадат а лелаш ма деца).
КъинтIера яьлла хир ю хьо –
ЧIир муха лелор ю деца?..

Ден а шен бехказло хилла
Хир ю, хьан ненаца бертахь.
Со-м, и хьан бертаза хиллий
Хууш, и даздан а гIертац.

«Рицкъанаш ца хилла хир ду»,
«Ца доьгIна хилла хир» боху
Декъазчу хабарийн гIир ю
Сан даг чу оханаш дохуш.

Хьуна тIе ца карош гечо,
Сан шерийн бос хили – къоьжа.
Доьзалан да ви сох кхечо,
Ахь а би кхечунна доьзал.

Хьол тIаьхьа цхьаьнгга а «еза»
Боху дош сан багах даьллехь,
Иза а хир ду, хьо езарх
Беркат а даьлла, ас аьлла.

ХIумма а доцийла хийца,
Хуъушехь, хьаъа хIун бахарх,
Са хьаьгна ву-кха со хIинца
Хьан цIарах кхайкхаян чIагIо:

«Вай, вовшех эца ца кхуьуш,
Хьегийнчу марзонан дуьхьа, –
Ас цкъа а, сайн са а кхуьуш,
Дош эр дац безамна дуьхьал!»


Рецензии